Урокан ц1е: Суьрта т1ехь сочиненина кечам бар. Сочинени.
1алашо: Дешархойн хаарш таллар, къамел кхиор. Предложенеш нийса х1итто 1амор. Дешархошна «1а» ц1е йолу сурт довзийтар. Суьрте хьожуш сочинени язъян 1амор.1аламе безам кхиор.
Урок д1аяхьар.
- Урокана кечам бар.
Мотиваци
Стенга кхачий вай х1окху суьрто а, эшаро а? Х1ун ойланаш кхоллаели шун?
Тахана вай Шишкина диллина «1а» ц1е йолчу суьрте а хьовсуш сочинени язйийр ю. Х1инца ас шуна йовзуьйтур ю урокан план .
- Урокан план :
Художник вовзийтар
Исбаьхьаллин сурт гайттар
Суьртан анализ яр
Сочиненина кечам бар
Словарни болх бар
Сочиненин план т1ех болх бар
Рефлекси
- Вай вуьйцуш волу художник говза,пох1ма долуш сурдиллархо хилла. Художник-пейзажист хилла иза. Ч1ог1а дезаш хилла цунна 1алам, къаьсттина дукхаезаш хилла хьун, цундела цуьнан кхоллараллехь хьаннийн суьрташ алсамо ду.
Ас шуна гойтур ду цо дехкина бес-бесара суьрташ. Баганан хьуьнхахь 1уьйре (Утро в сосновом лесу), 1аьржа к1а (рожь), 1а.
-Цхьа а суртдиллархо вевзий шуна?
4. Нохчийн г1арваьлла суртдиллархочух лаьцна дуьцур ду ас ?
Петр Захаров
1819-чу шарахь Кавказан т1амехь оьрсийн салтишна карийра елла 1уьллуш зуда, цунна юххехь дара кхо шо кхаьчна бер, и дара оьрсаша йохийначу Дади-юртахь. А.П. Ермоловс приказ делира эскарехь лоьралла деш болчаьрга, х1уъа а дай и бер даларх к1елхьара даккха аьлла, лоьраша вехар вац боххушехь, к1ант дийна виссира. Захар Недоносов ц1е йолчу казаке 1амо д1авелира иза, Недоносов волчохь 1823 шо кхаччалц 1ийра х1ара.
Шена доладинчу казакан фамили а, ден ц1е а елира цунна. Т1аьхьо шен фамили т1ехьа «Чеченец» аьлла дош туьйхира цо. Шен суьрташна бухахь куьг яздора цо «Захаров из Чеченцев», я «Захаров-Чеченец» олий.
Цул т1аьхьа П. Н. Ермоловс ша волчу д1авуьгу жима стаг. Хьалхе дуьйна гучуелира к1ентан сурт дилларан корматалла. Ша отставке а вахана Москва шеен доьзалца Москвахь ваха д1анисвелча шен т1елаьцна к1ант адаман суртдиллархо Лев Волков волчу 1амо д1авелира Ермоловс.
1833-чу шарахь Петр Захаров Петербургера сурт дилларан академе д1аийцира.
1836-чу шарахь академи чекх а яьккхина, аттестат схьаийцира къоначу суртдиллархочо. М. Ю. Лермонтовца доттаг1алла лелош а вара иза.
Амма 1842-чу шарахь Захаровн цамгар ч1аг1лой, балхара д1авала деза цуьнан. Суртадиллархо Москва юхавог1у, цигахь цунан гергарло тасало лоьран Постников доьзалца. 14-чу январехь 1846-чу шарахь цо Постникован йо1 ялайо. Цигахь лераме хьаша Ермолов а хуьлу. Ялийна масийтта бутт балале Пьера х1усамнана чахотка а кхетий д1акхелха. Оцу шерашкахь Пьер Захаров Паччахьан суртдиллиран академин академик х1утту.
1876-чу шеран аьхке чекхйолучу хенахь чахоткех ле ша суртдиллархо а.
- Дешнех кхетам балар.
Пейзаж— 1алам, (Фран. дош ду- мохк ) –1алам гайтаран исбаьхьаллин жанр ю.
Пейзажист— 1аламан суртдиллархо ву.
Портрет— адаман сурт.
Портретист — адаман суртдиллархо ву.
Натюрмотр— чохь са доцучу х1уманийн сурт
Зоьзан тайпанаш
Ель – база
Сосна – зез, бага.
Кедр-кедр
Пихта-пихта
- Суьрта т1ехь болх.
— Х1ун го шуна суьрта т1ехь?
Суьрта т1ехь художника гайтинарг 1аьнан заманан хьун ю. Массо а меттехь диллина доккха ло ду. Иза вайна го дитташ т1ехь а, коьллаш т1ехь а, лаьттахь а.
— Нийса ду. Делахь а, леррина оцу суьрте шу хьовсахь, аша тидам бахь, хийла хьалха б1аьргана ца гуш, т1ехтилларг гур ду шуна цу т1ехь. Ткъа х1инца леррина суьрте а хьовсуш, барта х1отточу дийцаран кечам бийр бу вай.
Хенан х1оттам
Шаьш Шишкинан хьуьнхахь долчуха сурт х1оттадел шайна хьалха. Муха бу хенан х1оттам? 1аьнан хенан муха де ду художника гайтинарг?
Исбаьхьа де ду. Шийла елахь а, къеггина кхтта малх а болуш, 1аьнан хенан 1аламат хаза де ду.
Ткъа 1ай малх кхетта де муха хуьлу?
— Цхьа шатайпа, башха хуьлу. Маьлха з1аьнарша башха йовхо ца ло, амма цара вох ца вахь а, гонаха мел дерг къагийна, серладаьккхина.
— Х1аваах лаьцна х1ун ала мегар дара?
— Х1аваъ, чекх сагуш, ц1ена ду. Ца 1ебаш, кийра буззалц чуийза дог дог1у иза. Дег1 дайло, пиллиг санна. Дог ийало. Беркате а дег1ана аьхна а ду иза.
Диттех.
Баганан хьун ю суьрта т1ехь гайтинарг 1аьнан заманчохь.
-Муха ду суьрта т1ехь вайна гуш долу дитташ?
Уьш лекха а, ирхдахана а дитташ ду.
— 1аламат даккхий, сийначу стигала кхийда дитташ.
— Наьрташ санна, ирхдахана дитташ.
Оцу лекхачу дитташ юккъехь схьагуш ерг х1ун ю?
-Кегийра, къона баганийн дитташ, коьллаш. Уьш ду лайх дуьзна.
Диттийн гаьннаш т1ехь долчу лайх лаьцна х1ун эр дара аш?
Гаьннаш т1ехь долу ло муха ду?
Г1аьннаш т1ехь ло ду, к1айн бамба санна. Цхьайолчу меттигашкахь охьаолладелла гуш ду иза. Ло дукха долуш, диттийн гаьннаш дазделла, охьаохкаделла го.
Тидамбел д1анехьо гуш йолчу жимачу юьхкан. Дийцал цунах лаций.
Цу т1ехь а ду ло. Геннара хьаьжча, коьртахь к1айн куй а болуш, лаьтташ волчу жимачу стагах тера хета иза.
-Доцца аьлча ерриге а хьун ю 1аьнан духарехь. Массо меттехь ло 1уьллу.
Ткъа и ло хаздинарг х1ун ю?
-Малх. И бу х1окху хьуна юккъехь кхерсташ берг, дерриге шен дола а дерзийна.
1аьнан духарехь лаьтта дитташ маьлхан з1аьнарша къагийна.
Ткъа лахахь, лаьттахь х1ун ю гуш?
— Кхузахь а ду ло. Лайна дерриге а шен к1айн шаршу яржош, д1ахьулдина.
Лаьттахь 1уьллу ло а х1унда ду бос лепаш, хаза?
Иза малхехь бос хуьйцуш, къегаш ду.
- План х1оттор:
- Исбаьхьа де.
- Дитташ а, коьллаш а, 1аьнан духарехь.
- Бос лепа ховха ло.
- 1аьнан хьуьнан йийцалур йоцу хазалла.
- Г1оьнна дешнаш
Бамба санна ховха ло
Т1емаш даржийна кхозу генаш
Буьрса хьун
Екхна стигал.
Инзаре-хаза хьун
Дашо малх
- Жам1 дар.
Аша жигара дакъа а лоцуш, вай суьртан чулацам телли.
-Муьлха къамел кхии вай тахана урокехь?
-Тахана шу дара ешархой, ладог1архой, авторш.
-Царах муьлха роль хазахийти шуна?
-1аьнан 1аламан хазалла ган хьан г1о ди шуна?
- Ц1ахь бан болх балар. Сочинени язъе. Бакъонаш карлаяха.
Просмотр содержимого документа
«Суьрта т1ехь сочинени йазйан 1амор»
Обновлено: 11.03.2023
- Для учеников 1-11 классов и дошкольников
- Бесплатные сертификаты учителям и участникам
116-г1а урок.
1алашо: суьрта т1ехь гуш долчуш, шайна зеделлачух пайда а оьцуш,хаттарийн г1оьнца дийцар х1отто 1амор, текстан бакъонаш ларъеш, и д1аяздан 1амор.
Юкъара дешаран ардам (УУД):
Предметни: 1емар ду хаттарийн г1оьнца жима дийцар х1отто, текстан бакъонаш ларъеш и д1аяздан.
Метапредметни
Регулятивни: хьехархочун г1оьнца урокан коьрта 1алашо билгалъяккха хуур ду; шайн белхан мах хадо хуур ду.
Коммуникативни: 1емар ду хьехархочун хаттаршна дуьззина жоьпаш дала; хуур ду 1аламах, дикачу г1уллакхах лаьцна ала дика дешнаш къасто.
Х1ума довзаран: х1ума довзар, ойлаяр алсамдер ду.
Личностни: 1алам дукха дезар, пайдениг дан лаам кхуьур бу дешархойн.
Урок д1аяхьар.
I .Урокан ц1е а , 1алашонаш а йовзийтар.
II . Дешархойн хьалхалера хаарш жигарадахар.
1.Ц1ера болх таллар.
Упражнени № 386, аг1о 187-188.
III . Хетачу аг1ор 1алашонаш х1иттор.Уьш кхочушъян некъаш билгалдахар.
1. Упражнени № 384, аг1о 187.
-Д1аелла учебникан 187-г1а аг1о.
-Д1адеша т1едиллар. Муха кхочушъян еза упражнени? (Дийцар х1отто деза).
-Вай тахана жима сочинении язйийр ю суьрта т1ехь гуш долчух лаьцна.
IV . Сочинении язъян кечам бар.
1. Суьртах лаьцна къамел дар.
-Шеран муьлха хан ю? (Б1аьсте).
-Муха ду де? (Де ду хаза).
-Суьрта т1ехь болчарна ц1ераш тахка.
-Хун дана дагадеара Юсупна ,Мохьмадна?? (Юсупна ,Мохьмадна синтарш дег1а дагадеара).
-Хьанна хиира иза? (Иза хиира Юсупна, Мохьмадна).
-Цаьршинна хун лиира? (Цаьршинна лира Дудина г1о дан).
-Х1ун еара Юсупа? (Юсупа бел еара).
-Х1ун дира цо? (Цо оьрнаш дехира).
-Х1ун еара Моьхьмада? (Мохьмада хитухург еара).
-Х1ун дира цо? (Цо синтарш оьрнаш чу а дохкуш, царна хи туьйхира).
-Х1унда дихкира цу шимма синтарш д1а? (Шина к1анта синтарш д1адихкира, уьш кег ца далийта).
-Мила кхечира цаьршинна т1е? (Цаьршинна т1е кхечира воккха стаг).
-Цунна муха хийтира и г1уллакх? (Цунна хазахийтира ,шина к1анта деш долу г1уллакх).
-Стенна оьшу синтарш? (Синтарш даккхий хир ду. Цара 1индаг1 латтор ду. Даккхийчу дитташа стоьмаш ло. Уьш ч1ог1а пайде бу).
-Х1аваана х1ун пайдениг до дитташ алсам хилча? (Дитташ алсам хилча , цара х1аваъ ц1ена латтадо).
-Пайде я зуламе г1уллакх ду шина к1анта динарг? (Шина к1анта динарг пайде г1уллакх ду).
-Муха хетар ву ши к1ант нахана?(Наха и ши к1ант дика ву бохуш вуьйцур ву).
2. Сочиненин х1оттам билгалбаккхар.
-Муьлха текст хир ю иза? (Текст-дийцар).
-Муьлха йолор ю вай сочинени? (1аламах лаьцна дуьйцуш).
-Х1ун ц1е туьллур ю вай цунна?
-Муьлханиг хир ду коьрта дакъа? (Шина к1анта деш долчу дикачу г1уллакхах лаьцна. Дитташ бечу пайданах лаьцна).
-Х1ун ц1е туьллур ю аша цунна?
-Муха ерзор ю аша сочинени? (Шина к1анта динчух лаьцна тхайна хетарг яздийр ду).
Долор. 1. Б1аьстенан де.
Коьрта дакъа . 2. Болх кхехка.
3. Диттах болу пайда.
Дерзор. 4. Дика г1уллакх нахана диц ца ло.
-Маса дакъа хир ду вайн текстан?Муха билгалдоккху х1ора дакъа?.
V . Сада1аран миноташ.
VI . Сочинени язъяр.
(Дешархоша оцу темина шайна лаахь, шайна хетачу кепара язъян мега сочинени).
VII . Рефлекси.
(Дешархоша д1айоьшу шайн сочиненеш. Шаьш мах хадабо церан).
VIII .Урокан жам1.
-Х1ун керланиг 1еми шуна тахана?
IX . Ц1ахь бан болх балар.
1. Упражнени № 386, аг1о 187.
- подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- по всем предметам 1-11 классов
Курс повышения квалификации
Дистанционное обучение как современный формат преподавания
- Сейчас обучается 933 человека из 80 регионов
Курс профессиональной переподготовки
Русский язык и литература: теория и методика преподавания в образовательной организации
Курс повышения квалификации
Инструменты онлайн-обучения на примере программ Zoom, Skype, Microsoft Teams, Bandicam
- Курс добавлен 31.01.2022
- Сейчас обучается 24 человека из 17 регионов
- ЗП до 91 000 руб.
- Гибкий график
- Удаленная работа
Дистанционные курсы для педагогов
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
5 608 817 материалов в базе
Материал подходит для УМК
Самые массовые международные дистанционные
Школьные Инфоконкурсы 2022
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Другие материалы
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
- 17.05.2020 2260
- DOCX 41.5 кбайт
- 90 скачиваний
- Оцените материал:
Настоящий материал опубликован пользователем Батарова Зулпа Алиевна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Автор материала
40%
- Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- Для учеников 1-11 классов
Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов
Дистанционные курсы
для педагогов
663 курса от 690 рублей
Выбрать курс со скидкой
Выдаём документы
установленного образца!
Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки
Время чтения: 11 минут
В Россию приехали 10 тысяч детей из Луганской и Донецкой Народных республик
Время чтения: 2 минуты
Отчисленные за рубежом студенты смогут бесплатно учиться в России
Время чтения: 1 минута
Минпросвещения России подготовит учителей для обучения детей из Донбасса
Время чтения: 1 минута
Рособрнадзор предложил дать возможность детям из ДНР и ЛНР поступать в вузы без сдачи ЕГЭ
Время чтения: 1 минута
Время чтения: 2 минуты
Онлайн-тренинг: нейрогимнастика для успешной учёбы и комфортной жизни
Время чтения: 2 минуты
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
- Для учеников 1-11 классов и дошкольников
- Бесплатные сертификаты учителям и участникам
Урокан ц1е: Муха дог1а деза синтар.
а) 1аморан: текст ешар, 1амор;
б) кхетош-кхиоран: Даймахке а, цуьнан 1аламе а,
нохчийн матте а долу безам кхиор;
в) кхиоран: дешархойн къамел кхиор;
кхетамца кхиоран маь1на довзийтар.
Г1ирс : 1аламан а, дийнатийн а, олхазарийн а суьрташ, нохчийн яздархойн книгаш.
Урокан некъ:
I . Урок белхан кепе д1ах1оттор, оьшу г1ирс кечбар.
II . Ц1ахь бина болх таллар:
— Бераш, шуна ц1ахь еша, 1амо х1ун еллера?
— Хьан яздина и дийцар?
— И дийцар яздина В. Бианкис.
— Х1инца вай иза карладоккхур ду.
— Муха ехира пхьагал г1айри т1ехь?
— Къона пхьагал холча х1унда х1оьттира?
— Хи дестарх лаций дийцал, шайна хетарг.
III . Довзийтаран къамел
Цунах херделла адам, махках, лакхахь хьахийначу сийлаллех хер ца луш ца дуьссу.
Ткъа мотт бицбинчо шен кхерч, ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо.
Вешан мотт безар, бийцар, ларбар, кхиор вайн бакъо хилла ца1аш, вайн сийлахь декхар а ду.
IV . Керла тема:
— Бераш, хьовсал, уьн т1ера суьрташка. Х1ун го шуна царна т1ехь?
— Х1унда оьшу вайна дитташ а, дийнаташ а, олхазарш а? (Дешархойн жоьпаш.)
— Х1ун пайда бохьу цара 1аламна а, адамашна а? (Дешархойн жоьпаш.)
— Бераш, мила хилла шу хьуьнхахь?
— Муха хуьлу хьуьнхахь б1аьста?
V . Текст ешар:
1. Хьехархочо къастош, кхетош, шера д1айоьшу дийцаран текст .
Цунах лаьцна берашка хаттарш ло:
-Шеран муьлхачу хенахь д1адог1а деза синтар?
— Муха лардан деза синтарш?
2. Дешнашца бен болх
Хьехархочо классан уьн т1ера суьрташ а гойтуш, дийнатийн ц1ераш а йовзуьйту берашна:
Ча, борз, оьпа, пхьагал, цхьогал, зу.
Иштта йовзуьйту диттийн а: къахьашто , маъ, дак,
олхазарийн а ц1ераш : алкханч, ч1ег1ардиг, н1аьвла,
VI . Физминот
Махо д1ай-схьай ластийна
VII . Текст 1амор
— Синтар д1адог1а к1аг муха баккха беза?
— Х1унда дуг1у синтарш?
— Х1унда оьшу адамашна, дийнаташна а, олхазаршна а дитташ?
— Аш хьан доьг1на синтар?
— Аш муха 1алашдо шайн бешара дитташ а, синтарш а?
VIII . Кхетош-кхиоран маь1на
Цу дийцаро вайна ло Даймахке а, цуьнан 1аламе а, хазалле а болу безам кхиоран кхетам.
Иштта кхиоран, кхетош-кхиоран кхетам ло таханалерачу уроко. Вай цкъа а дицдан мегар дац вай нохчий хил ар. Вай дицдан мегар дац вайн дайн оьзда Г1иллакхаш, 1адаташ, вайн мотт. Мотт бац — къам дац олуш ду. Ас урок д1айолош ма аллара, мотт бицбинчо шен кхерч ша схьаваьлла бух, дайн мохк бицбо.
Урок ерзош суна еша луур дара стихотворени.
Ненан мотт доггаха бийца
Нигат ду сан дина ц1ийца
Бийцина сан дайша хестош
Оьзда мотт дозалла хеташ
Эзарнаш шерийх чекхбаьлла
Тешаме баьвнех д1аийна
Лаькхачу лаьмнехь схьабаьлла
Бека хьо лам лекхчу баьлла
Кху меттан массо дош гулдина
Мел долу хаза дош аьлла
Х1усам сайн хазаллехь йоттина
Негат ду Нохчалла кхала
Дехар ду хьомечу халкъе
Лараме хилийша матте
Лазаме дош дужар дагт1е
Цхьа кура кегийча ц1 армате
Кхокханах т1емаш даржийна
Бицийтиша ша маьрша хилча
Бицийта ненан мотт доггаха
Ма — торру бийца йиш хилча
Асхабовс язйина хьокху стихотвореница дерзор ду вайн цхьанакхетар.
Хууш ма-хиллара, муьлхачо къоман культура цу къоман ненан мата т1е кхоллало. Матта т1ехь кхоллало литература, ткъа литературийн буха т1ехь — театр, музыкальни искусство, кхин мел дерг а.
Ишта вайн муьлхачу a г lop хьовсича а, къоман син уггаре мехале меже санна къаьста — мотт.
Замано буий, бицбой д1абоккху шеен йоза доцу мотт. Деланкъинхетамца вайн йоза ду. Хьалкхах къам ден культура цу йозанан маттта т1ехь кхуллуш ю. И вайна йозанан мотт кхиош, цуьнан тешаме мурдаш хила чекхбевлира д1адаханчу б1ешерехь.
Бадуев са1ид, Мамакаев Мохьмад, Сулейманов Ахьмад, Ошаев Халид
- подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- по всем предметам 1-11 классов
Курс повышения квалификации
Дистанционное обучение как современный формат преподавания
- Сейчас обучается 933 человека из 80 регионов
Курс повышения квалификации
Дислексия, дисграфия, дискалькулия у младших школьников: нейропсихологическая диагностика и коррекция
- Курс добавлен 24.12.2021
- Сейчас обучается 207 человек из 54 регионов
Курс повышения квалификации
Актуальные вопросы теории и методики преподавания в начальной школе в соответствии с ФГОС НОО
- ЗП до 91 000 руб.
- Гибкий график
- Удаленная работа
Дистанционные курсы для педагогов
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Найдите материал к любому уроку, указав свой предмет (категорию), класс, учебник и тему:
5 608 817 материалов в базе
Самые массовые международные дистанционные
Школьные Инфоконкурсы 2022
Свидетельство и скидка на обучение каждому участнику
Другие материалы
Вам будут интересны эти курсы:
Оставьте свой комментарий
- 23.04.2017 2671
- DOCX 1.3 мбайт
- 37 скачиваний
- Оцените материал:
Настоящий материал опубликован пользователем Батырова Румиса Баудиновна. Инфоурок является информационным посредником и предоставляет пользователям возможность размещать на сайте методические материалы. Всю ответственность за опубликованные материалы, содержащиеся в них сведения, а также за соблюдение авторских прав несут пользователи, загрузившие материал на сайт
Если Вы считаете, что материал нарушает авторские права либо по каким-то другим причинам должен быть удален с сайта, Вы можете оставить жалобу на материал.
Автор материала
40%
- Подготовка к ЕГЭ/ОГЭ и ВПР
- Для учеников 1-11 классов
Московский институт профессиональной
переподготовки и повышения
квалификации педагогов
Дистанционные курсы
для педагогов
663 курса от 690 рублей
Выбрать курс со скидкой
Выдаём документы
установленного образца!
Учителя о ЕГЭ: секреты успешной подготовки
Время чтения: 11 минут
Время чтения: 2 минуты
Время чтения: 2 минуты
Рособрнадзор предложил дать возможность детям из ДНР и ЛНР поступать в вузы без сдачи ЕГЭ
Время чтения: 1 минута
Минпросвещения России подготовит учителей для обучения детей из Донбасса
Время чтения: 1 минута
Отчисленные за рубежом студенты смогут бесплатно учиться в России
Время чтения: 1 минута
Курские власти перевели на дистант школьников в районах на границе с Украиной
Время чтения: 1 минута
Подарочные сертификаты
Ответственность за разрешение любых спорных моментов, касающихся самих материалов и их содержания, берут на себя пользователи, разместившие материал на сайте. Однако администрация сайта готова оказать всяческую поддержку в решении любых вопросов, связанных с работой и содержанием сайта. Если Вы заметили, что на данном сайте незаконно используются материалы, сообщите об этом администрации сайта через форму обратной связи.
Все материалы, размещенные на сайте, созданы авторами сайта либо размещены пользователями сайта и представлены на сайте исключительно для ознакомления. Авторские права на материалы принадлежат их законным авторам. Частичное или полное копирование материалов сайта без письменного разрешения администрации сайта запрещено! Мнение администрации может не совпадать с точкой зрения авторов.
1алашо: предложених дашах кхетам балар.Предложенино кхочушхилла яьлла ойла гайтар хаийтар, дашо цхьа х1ума, цуьнан билгало, цуьнан дар билгалдар хаийтар.Ненан меттан хазалла гайтар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна хуур ду предложенин , дешан йолу башхалла, предложении дешнех лаьтташ хилар хуур ду, предложенино кхочуш хиллаяьлла ойла гатар хуур ду, дашо цхьа х1ума, цуьнан билгало, цуьнан дар гайтар хуур ду.Текстах болу хаамаш т1еч1аг1бир бу бераша.Бераша хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала 1емар ду.Учебника т1ехь болх бан, оьшург каро 1емар ду.
Урок д1аяхьар
1.Ц1ера болх таллар
Шардар № 199 аг1о 84
2.Ц1ена язъяр
Чайта1 челла керчаш го,
•чано иза чехайо.
-Муьлха элп яздийр ду вай тахана?(Ч)
Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч Чч
3.1алашо йовзийтар
Уьн т1е д1аяздо
Со , ву, классехь , шолг1ачу , доьшуш
Со шолг1ачу классехь доьшуш ву
-Х1ун ю аьрру аг1ора ерш? (Дешнаш)
-Аьтту аг1ора ерш?(Предложени)
-Стенах лаьцна дуьйцур ду вай урокехь?(Дашах, предложенех лаьцна дуьйцур ду вай)
-Вайна тахантахана 1емар ду предложенин, дешнийн башхаллаш йовза.
4.Керла тема хьехар.
1.Дешан тидам бар
Шардар № 203 аг1о 86
-Вайна гонахарчу х1уманийн ц1ераш яха.(Ручка, шкаф,хьехьархо)
-Уьш х1ун ю?(Дешнаш)
-Х1ун билгалйо дешнаша:(Дешнаша х1уманаш билгалйо).
Х1ора х1умано дийриг дийца.Х1ун до хьехархочо? (хьоьху)
-Х1ун гойту дашо? (Дашо билгалдо дар)
-Х1ора х1уманан билгалонаш йийца.Муха ву хьехархо? (Дика)
-Муха ю ручка ? (Ц1ена, сийна)
-Кхи х1ун гойту дашо? (Х1уманийн билгалонаш гойту)
-Д1адеша 86 аг1он т1ера бакъонан хьалхара дакъа.
-Х1ун гойту дашо?Даладе масалаш.
аь)Дешан а , предложенин а тидам бар, башхаллаш йовзийтар.
Шардар №204 аг1о 86
-Д1адеша дешнаш.Х1ун гойту цара? (Дешнаша билгалйо х1ума, церан билгало, дар)
-Д1аеша предложенеш.Х1ун гойту предложенино?Д1адеша 87 аг1он т1ера бакъонан шолг1а дакъа,
Бесплатное участие. Свидетельство СМИ сразу.
До 500 000 руб. ежемесячно и 10 документов.
поурочный план по чеченскому языку во втором классе конспект к уроку чеченского языка во втором классе;этапы проведения урока чеченского языка тема разработки поурочного плана по чеченскому языку во втором классе является адамаш а кхечу х1уманаш билгалъен дешнаш .имя существительное в переводе на русскийпоурочная разработка
Урок 37. Адамашна кхечу х1уманашна хаттарш х1иттор .docx
Читайте также:
- Конспект логопедического занятия буквы у ю после твердых и мягких согласных 2 класс
- Конспект урока круговой сектор
- Конспект внеклассного мероприятия по биологии 8 класс
- Кувырок вперед с разбега и через препятствие 4 класс конспект урока
- Конспект урока 1 класс день знаний
ОТВЕТЫ
1а — 1аламат хаза хенан зама ю! Стиглар даккхий лайн чимаш охьа оьгу. Арара ц1еношна, дитташна т1е к1айн юрг1а тесча санна хета. Лаьттахь шера ша, лайн оьланаш ду. Денош дацло, шелло, шийла мох хьоькху. Малха наггахь бен гучу ца болу.
Уггар ч1ог1а 1аьна бераш даккхийдо. Х1унда аьлча церан ч1ог1а самукъа долу: салазаш хоьхкуш, лайн мижаргех ловзуш, лайн баба еш, ша т1ехь хехкалуш, кхечу х1уманах а ловзуш, амма мел ловзарах, уьш к1ад ца ло.
Цул сов, 1аьнт1ехь керла шо дог1у, г1ур дада берашна совг1аташ ло. Массанхьа сирла лепаш герляндаш ду, хьала оьхкина тайп-тайпана бес-бесара хазъен х1уманаш ю.
78
Отв. дан
2018-12-19 06:21:47
Duna
Для написания вопросов и ответов необходимо зарегистрироваться на сайте
Другие вопросы в разделе — Другие предметы
Бачманов
Beazelore
Cordalar
Хрисанф
- Главная
- Разное
- Образование
- Спорт
- Естествознание
- Природоведение
- Религиоведение
- Французский язык
- Черчение
- Английский язык
- Астрономия
- Алгебра
- Биология
- География
- Геометрия
- Детские презентации
- Информатика
- История
- Литература
- Математика
- Музыка
- МХК
- Немецкий язык
- ОБЖ
- Обществознание
- Окружающий мир
- Педагогика
- Русский язык
- Технология
- Физика
- Философия
- Химия
- Шаблоны, фоны, картинки для презентаций
- Экология
- Экономика
Содержание
-
1.
Презентация по чеченскому языку на тему 1а т1едеана (4 класс) -
2.
Слайд 2 -
3.
ДЕ БЕРКАТЕ ДОГ1ИЙЛА !«Ненан мотт,Дайн г1иллакх лардеш Лаха вай Кху лаьттахь ирс.» -
4.
Слайд 4 -
5.
Бераш, вай тахана язйийр ю сочинении «1а т1едеана» Аг1о 43 № 137 -
6.
«1а т1едеана» -
7.
Слайд 7 -
8.
Слайд 8 -
9.
Примерный сочинени. 1а т1едеана -
10.
Рефлекси -Со реза ву (ю) айса бинчу
ДЕ БЕРКАТЕ ДОГ1ИЙЛА !«Ненан мотт,Дайн г1иллакх лардеш Лаха вай Кху лаьттахь ирс.»
Слайд 1
Нохчийн мотт 4 –г1а класс
Сочинени «1а т1едеана»
Хьехархо МБОУ «СОШ№91»
Бекаева
Слайд 3
ДЕ БЕРКАТЕ ДОГ1ИЙЛА !
«Ненан мотт,
Дайн г1иллакх лардеш
Лаха вай
Кху лаьттахь
Слайд 5 Бераш, вай тахана язйийр ю сочинении
«1а т1едеана» Аг1о 43
№ 137
Слайд 8
План
1.1аьнан зама.
2.Басе т1ехь бераш.
З.Лайх йина баба.
4.Берийн самукъадалар.
Слайд 9Примерный сочинени.
1а т1едеана
Т1едеана шийла 1а. Денош дацъделла, буьйсанаш яхъелла. Арахь диллина ло ду. Стиглара охьаэга лайн чимаш. Лайно хьулдина латта, тхевнаш , дитташ. Амма бераш ца кхоьру шелонах. Арахь ловзу бераш.
Матас лайн баба йо. Самирас а, Ризванас а салаз хохку. Хьаваи Ибрашкий лыжаш хоьхкуш бу. Ибрашка салаз т1ера охьакхийтира .Бераш цунах доьлура. Амма иза оьг1аз ца вахара. Берашна 1ай ч1ог1а хазахета.
Берийн ловзарш ч1ог1а пайде ду могашаллина. Х1аваэхь левзича иммунитет ч1аг1ло, цамгарш ца лехьайо. Суна хазахета 1ай.
Слайд 10Рефлекси
-Со реза ву (ю) айса бинчу балхана
-Со д1оггара реза
вац (ю) айса бинчу балхана,со хьожур вудикка болх бан.
-Со ца кхетта.
Урок 14.
Урокан ц1е: Предложени а,текст а.
-Маршалла ду шуьга, хьоме бераш!
-Вай д1ахьур ю рог1ера нохчийн меттан урок.
-Урок д1айолош, иштта цхьа т1едиллар кхочушдийр дийр ду вай.
Вайна делла дешнаш ду, уьш кегаделла ду.
Слайд
Еза, дешархой, школа, шу.
Г1уллахкаш, чохь, Малика, до.
-Муха х1оттор яра вай х1окху дешнех предложени? Хьовсур ду вай.
Слайд
Дешархошна шайн школа еза.
Маликас чохь г1уллакхаш до.
-Нисделин вайн дешнаш? Х1ун ди вай царех?
(предложенеш х1иттий)
-Вай х1окху урокехь дуьйцур ду предложенех лаьцна
Слайд
Предложени- иза кхочушхилла яьлла ойла гойту дош я масех дош ду.
Дешнаш предложенехь маь1ница дозаделла хуьлу.
-Ткъа вай оцу предложенера дешнаш д1адаьхча хир юй те цунах предложени?
Слайд
Дешархошна шайн школа……….. дешархошна шайн еза……………
-Х1ун эр дара аш? Юй уьш предложенеш? (Яц).
-Х1ундааьлча цо кхочушхилла яьлла ойла ца гойту
Слайд:
Предложенино хаам бо я шена чохь цхьа хаттар х1оттадо, дехар до я цхьа х1ума т1едожадо. Предложенин маь1не хьаьжжина церан чаккхенга т1адам(.),хаттаран(?) я айдаран(!) хьаьркаш дохку. Нагахь санна предложенехь цхьа хаам бахь, цуьнан чаккхенгахь т1адам буьллу.
Масала:
Олхазарш бовхачу махка д1адоьлху.
Слайд
Нагахь санна предложени хазахетарца, воккхаверца алахь, цуьнан чаккхенга айдаран хьаьрк дуьллу (!). Масала:
Ма хаза бу вайн Даймохк!
Нагахь санна предложенехь хаттар делахь, цуьнан чаккхенга хаттаран хьаьрк дуьллу(?)
Масала:
Асет, хьо тахана школе йог1ий?
-Х1инца вай хаттарш д1а а доьшуш, царна жоьпаш яздийр ду.
Слайд
1.Аша школехь х1ун 1амадо?
Школехь тхо 1ема еша а, яздан а.
2.Муьлха урокаш дукхаеза хьуна?
Суна дукхаеза нохчийн меттан а, литературин а урокаш.
Муьлха предложенеш ю аш язйинарш? (дийцаран ю)
1амийнарг т1еч1аг1дар.
-Х1инца, хьоме бераш, вай цхьажимма дешнаш т1ехь болх бийр бу. Лахахь далийна дешнаш ду, ткъа шу царех предложенеш х1итто хьовса.
Слайд:
доьшуш ву, Муса, шолг1ачу классехь
гуттар а, лела, ц1ена, иза
вог1у, Муса, хьалххе, школе
хьехархочуьнга, ладуг1у, дика, цо
дешархо ву, дика, иза.
Болх нийса бинехь иштта хир бу.
Слайд:
Муса шолг1ачу классехь доьшуш ву.
Иза гуттар а ц1ена лела.
Муса хьалххе вог1у школе.
Хьехархочуьнга дика ладуг1у цо.
Дика дешархо ву иза.
-Хьовсал вай нисйинчу предложенешка. И предложенеш маь1ница йозаелла хилча х1ун ала мегар ду царех? (Текст ю)
Слайд
Текст – иза маь1ница йозаелла шиъ я масех предложении ю. Текстана шен маь1не хьаьжжина ц1е тилла мегар ду.
-Х1ун ц1е туьллур яра вай лакхахь ялийначу текстана?
— (Дика дешархо) – ц1е тилла мегар ду ваьш язйинчу текстана
-Т1адамийн меттана дош т1едуза.
1аламца ю даим суьйре
Дашо духар долу… (гуьйре)
Д1ахьовсал шу кху вайн махке
Аре сенъеш кхечи… (аьхке)
Гуьйре яхча едда д1а
Деъна кхечи шийла… (1а)
1алам дохдеш малх схьакхийти
Заза доккхуш кхечи… (б1аьсте)
-Стенах лаьцна яра вай ялийна предложенеш?
-Вай ялийна предложенеш ю шеран хенех лаьцна.
-Муьлхарниш ю уьш?
Слайд:
(1а, б1аьсте, аьхке, гуьйре)
— Иштта цхьа т1едиллар кхочушдан хьовса:
-Шайна хазахетачу шеран заманах лаций кхоъ-йиъ предложени язъе.
Герггарчу хьесапехь иштта хила тарло. Масала:
Слайд:
Д1адели шийла 1а. Т1екхечи б1аьсте. Арахь йохлуш ю. Дитташ ду заза доккхуш. Баьццарчу бацалахь хьалакъеда бес-бесара зезагаш.
-Х1ун ала мегар ду вай язйинчу предложенех?
(цунах текст ала мегар ду х1унда аьлча, уьш маь1ница цхьана йозаелла предложенеш ю). «Б1аьсте» – ц1е тилла а мегар ду вай текстана.
-Х1окху урокехь вайна девзи, предложени – кхочушхилла яьлла ойла гойтуш, къамелан цхьа дакъа хилар. Дахарехь зеделлачух пайда а оьцуш, предложенеш х1итто а, цу предложенех текст х1отто а 1еми.
Таханлера вайн урок кху т1ехь ерзор ю вай.
1одика йойла, марша 1ойла шу!
Хьехархо: Абаева Берлант Ихвановна.
Пайдаэцна литература:
Солтаханов Э.Х.,Солтаханов И.Э.,Эдилов С.Э.1амат «Нохчийн мотт» 2-га класс;
Эдилов С.Э.»Ловзуш 1ема».; Эдилов «Самукъане грамматика».
Нохчийн
мотт
Сочинени: «Аьхке ю
т1ейог1уш»
1алашо: суьрта т1ехь
гушдерг йозанца билгалдан 1амор; суьрта т1ехь гушдолчух лаьцна шена хетарг
ала 1амор; суртдиллархочо дагалаьцначух кхета 1амор;суьртах лаьцна дийца
1амор.1аламе безам кхоллар
Урок
д1аяхьар.
1. Маршалла
хаттар.
2. 1алашо
йовзийтар.
-Бераш вай тахана язйийр ю сочинении «Аьхке ю
т1ейог1уш»
3. Керла тема д1аяхьар.
а)Суьртах лаьцна къамел дар.
Хьехархочо д1агойт 178 аг1он т1ера сурт «Аьхке»
-Шеран муьлха зама ю суьрта т1ехь гойтуш ерг?
(Аьхке)
-Муха ду 1алам? (1алам тайп-тайпана беснаш эцна ду)
-Муха хетта шуна аьхке т1ееача? (Аьхке т1ееача берашна
ч1ог1а хазахета)
-Х1унда? (Аьхка каникулаш юьйлало)
-Суьрте а хьовсуш дийца муха д1ахьо бераша каникулаш?
(Каникулаш ч1ог1а хаза д1ахьо оха)
-Х1ун ю школан? (Школан беш ю)
-Х1ун ю бешахь? (Бешахь бу стоьмаш: 1ежаш, кхораш)
-Х1ун до аша царна? (Оха уьш чуберзабо)
-Муха хеташуна бешахь болх беш? (Бешахь ч1ог1а
самукъане хуьлу)
-Стенга оьху шу мокъачу хенахь? (Мокъачу хенахь тхо
хуьнах оьху)
-Х1ун ю хьуьнхахь? (Хьуьнхахь ду ц1азамий)
-Х1ун до аша царна? (Оха ц1азамий лахьадо, 1аламан
тидам бо)
-Шун юртана уллохь муьлха хи ду? (Тхан юртана уллохь
Гумс ду)
-Х1ун ю цу чохь? (Цу чохь ч1ерий ду)
-Аша лоьций ч1ерий? (Оха ч1ерий лоьцу)
-Кхин х1ун до аша? (Тхо буьрканах ловзу)
-Шуна х1ун аьлла хетта: пайденна дуй аьхка сада1ар?
(Аьхка иштта сда1ар пайде ду. Ц1енчу х1аваэхь г1уллакх дар , ловзар
могашаллина пайдехь ду)
аь)Сочиненин кийча план таллар
1Аьхкенан 1алам.
2.Берийн сада1ар.
3.Могашаллина пайда гар.
-Маца дакъа хир ду вайн сочиненин? (Кхоъ)
-Х1унда ? (Планан кхоъ дакъа ду)
-Муха долор ду х1ора дакъа? (Ц1ечу мог1анчура)
-Х1ун яздийр ду хьалхарчу декъе? Х1ун эр дара
аьхкенан 1аламах лаьцна? (Т1екхечи хаза аьхке. Стиглахь лепа дашо малх.
Х1аваъ кхоччуш дохделла. Денош дахделла , буьйсанаш яцъелла)
-Х1ун эр дара берийн сада1арх? Маца юьйлало аьхкенан
каникулаш? Муха хетта шуна ? (Аьхка юьйлало канийкулаш. Оха уьш ч1ог1а
хаза д1ахьо)
-Х1ун эр дара аша берийн сада1арх лаьцна? Дийца
стоьмийн бешах лаций. (Тхан школан беш ю. Бешахь кхуьу 1ежаш. Оха уьш
схьабоху. Ч1ог1а самукхане хуьлу бешахь)
-Кхин х1ун эр дара аьхка сада1арх? (Тхо сих-сиха
хуьнах оьху. Оха хьуьнхахь ц1азамий лахьадо, 1аламан тидам бо. Тхан юртана
уллохь жима татол ду . Оха цу чура ч1ерий лоьцу. Тхо буьрканах ловзу)
-Могшаллина пайде дуй иштт сада1ар? (Могушаллина
ч1ог1а пайдехь ду иштта сада1ар)
б) Дешнаш таллар.
Т1екхечира, лепа, дохделла, дацделла, юйлало ,
д1ахьо,лоьцу
-Д1адеша дешнаш. Муха яздийр ду уьш?
4. Сада1аран миноташ.
5. Сочинени язъяр.
(Бераша кхочушбо болх)
6. Жам1 дар.
7.Ц1ахь бан болх балар.
Шардар №